Утренник ко Дню Чеченского языка
25.04.2019Нохчийн Республикийн Куьйгалхочо, Кадыров Рамзана, 2007-чу шарахь шен омрица 25-г1а апрель де Нохчийн меттан де аьлла д1акхайкхина вайн махкахь. Оцу дийно йоккха меттиг д1алаьцна вайн республикин хиламийн дезачу денойн мог1арехь. Х1ора шарахь, Нохчийн меттан де даздеш цхьамог1а мероприятеш д1ахьо тхан берийн бешахь а. Тхан педагогаша къаьсттина тидаме эцна ду кхуьшдолчу берийн ненан матте безам кхуллу белхаш. Жимчохьдуьйна нена меттан марзонца кхиинчу беро, и бийца хууш а, лууш а хилча бен буьйцур бац. Бийцича бен и кхуьр бац, бехар а бац,т1аьхьене д1акховдо ненан мотт хир бац. Ненан мотт кхио а, цуьнан сий-пусар дан а, дайх дисина оьзда г1иллакхаш лардан а Дала хьекъал а, хьуьнар а , могашалла а лойла вайна массарна а.