Семинар «Берийн бошмашкахь ненан меттан дозуш долу барта къамел кхиор"

23.04.2021
2021- чу шеран 23 - чу апрелехь, Грозненски муниципальни к1оштан Петропавловски юьртан «Седарчий» ц1е йолчу берийн бешахь д1айаьхьира - «Берийн бошмашкахь ненан меттан дозуш долу барта къамел кхиор" ц1е йолу, нохчийн меттан лерина семинар. Семинарехь дакъа лоцуш бара: Грозненски муниципальни к1оштан берийн бошмийн методисташ, куьйгалхой а. Семинаран гонехь, «Седарчий» бешарчу белхахоша гайтира: нохчийн мотт кхиорехьа шайн берийн бешахь д1ахьош болу болх, вайнехан хелхарш, эшарш,тайп - тайпана берийн ловзарш, йийшира нохчийн маттахь байташ. Кхинд1а, презентацин кепехь,шеш бечу балхах лаьцна а дийцира Пролетарски юьртара «Тамара» берийн бешан куьйгалхочо Уциева Зайнаа. Цо шен презентацехь билгалдира, берийн бошмашкара кхетош - кхиархоша ненан мотт кхиоран гIуллакхаш кхин а тодан, лаккхарчу тIегIан тIе даха, шен меттан Iилманан а, методикин а, педагогически говзалла лакхаяккхарехь гуттара болх дIакхехьа безаш хилар. Цул сов, дийцира - берийн бошмашкахь ненан меттан дозуш долу барта къамел кхиорехь хуьлучу халонех, кхачам- бацарех а. Ч1ог1а боккха чулацам болуш,мехала г1ирсаш а, иштта,ширачу заманан хаза г1иллакхаш а довзийтира семинаран декъашхоша. Хьешаша даггара баркалла а олуш, лаккхара мах хадийра семинаран. Дела реза хила семинарехь дакъа лаьцначарна! Дала вайн т1аьхье беркате йойла!