День рождение Зарган Кадыровой

22.03.2021

#Repost @dzhunaidov_kpdo @download.ins---Тхан лераме йиша Зарган!Оьздачу доьзалехь беркате кхиийна, дас-нанас шуьйра кхетам белла, дахаран маь1на к1орггера довзийтина йолу хьо кхиъна нохчийн йо1ехь, йишехь, зудчуьнгахь хила еза товш, беркате, хаза амалш хьайн дахарехь гулйина. Дас хьехна г1иллакх, нанас делла хьехар схьалаьцна хьо кхиъна собаре, хьекъале, тешаме, яхь йолуш. Нохчийн зудчун декхарш лерина кхочушдеш, хьайн халкъан дика йо1 хилла, цу халкъан хьашташна юкъ а йихкина араваьллачу хьайн вешина дика накъост хила ницкъ белла хьуна къинхетаме волчу Дала. Бусулба динехь деза дийцина, доккха маь1на долуш, доккха беркат шеца долуш, мехала ду къуона чкъор кхетош-кхиорехь къахьегар, цуьнца цхьана доккха жоьпалла ду х1ора жимчу беран дахарехь йоккха меттиг д1алацаран 1алашо шена хьалха х1оттор. Массо дена а, нанна а ма-хаъара, шеко йоцуш, доккха хьекъал а, собар а оьшу цхьа бер бен ца хилча и бер кхетош-кхиорехь къахьега. Атта данне дац дийнна халкъан кхане беркате кхио 1алашо йолуш къахьегар. Вайн дахаран ирс а, къоман кхане а йолчу берашна чу садиллина йолчу хьан ницкъ, хьекъал, кхетам кхочу вайн махкахь долчу массо жимачу берана ненан метта а хилла, оцу берашца къахьоьгуш болчу вайн белхан накъосташна йиша а хилла болх беркате д1ах1отто!Лараме Зарган! Йолу б1аьсте хазъеш дог1у х1ора шара хьо йина де! Тахана йинчу денца хьо декъалъеш оха мел олу дош хьоьх даккхийдеш ду! Дала могаш-маьрша яхайойла хьо дуккха а шерашкахь! Веза-сийлахь, къинхетаме волчу Дала беркате дойла хьан дахаран керла шо!