День рождения Рустама Абазова

22.01.2021

Лераме Рустам Имранович! @abazov_95 Тхайн коллективан ц1арах, винчу денца хьо декъала веш, даггара ала луур дара хьуна х1ара дешнаш -Вайн дайша олуш ма хиллара: - "Сий, адамалла, тешаме хилар, нахана везар – КЪОНАХЧУН уггаре мехала х1ума ду! Дуьненан бахам юхаметтах1отталур бу, лайна халонаш, хилла зенаш дайлур ду, амма, СИЙ дайна висча, диканехьа къуьйсуш валарца бен и юхаметтах1отталур дац! ..."Хьо КЪОНАХ хилар - массарна а хууш ду, шеко йоцуш, уггаре а хьалха, вайн Мехкан Куьйгалхочун Р.А.Кадыровн тешаме, дика накъост хиларца билгал даьлла и! Цундела... тахана хьан долу СИЙ даиманна а хуьлда хьан! Доьзалехь барт,безам, лаьтташ, х1усамехь беркат ца хедаш,тешаме накъостийн аг1о болуш, гергарчеран уьйр - марзо йолуш, могуш-маьрша, ирсе дахар хуьлда хьан! ДАЛА ДЕКЪАЛА ВОЙЛА ХЬО!